Нохчийн меттан Де!

25.04.2020

Нохчийн маттаца йолу уьйр-марзо ч1аг1ъярехь пайде г1уллакх ду иза. Дала вайна бийца вешан мотт ма эшабойла! Мотт бийца вайн нохчийн къам ма эшадойла! Дала аьтто бойла вай нохчийн мотт 1амош, ларбеш, х1ара баржош! Диканиг лойла вайна оцу Веза, Сийлахь волчу Аллах1 Дала!

Дуьненахь меттанаш дукха ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза доккха хьекъал а ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо шен ненан сий лардийр дац.